- Дипломы
- Курсовые
- Рефераты
- Отчеты по практике
- Диссертации
Причастин а, деепричастин карчамаш
Внимание: Акция! Курсовая работа, Реферат или Отчет по практике за 10 рублей!
Только в текущем месяце у Вас есть шанс получить курсовую работу, реферат или отчет по практике за 10 рублей по вашим требованиям и методичке!
Все, что необходимо - это закрепить заявку (внести аванс) за консультацию по написанию предстоящей дипломной работе, ВКР или магистерской диссертации.
Нет ничего страшного, если дипломная работа, магистерская диссертация или диплом ВКР будет защищаться не в этом году.
Вы можете оформить заявку в рамках акции уже сегодня и как только получите задание на дипломную работу, сообщить нам об этом. Оплаченная сумма будет заморожена на необходимый вам период.
В бланке заказа в поле "Дополнительная информация" следует указать "Курсовая, реферат или отчет за 10 рублей"
Не упустите шанс сэкономить несколько тысяч рублей!
Подробности у специалистов нашей компании.
Только в текущем месяце у Вас есть шанс получить курсовую работу, реферат или отчет по практике за 10 рублей по вашим требованиям и методичке!
Все, что необходимо - это закрепить заявку (внести аванс) за консультацию по написанию предстоящей дипломной работе, ВКР или магистерской диссертации.
Нет ничего страшного, если дипломная работа, магистерская диссертация или диплом ВКР будет защищаться не в этом году.
Вы можете оформить заявку в рамках акции уже сегодня и как только получите задание на дипломную работу, сообщить нам об этом. Оплаченная сумма будет заморожена на необходимый вам период.
В бланке заказа в поле "Дополнительная информация" следует указать "Курсовая, реферат или отчет за 10 рублей"
Не упустите шанс сэкономить несколько тысяч рублей!
Подробности у специалистов нашей компании.
Код работы: | W001032 |
Тема: | Причастин а, деепричастин карчамаш |
Содержание
МИНИСТЕРСТВО ОБРАЗОВАНИЯ И НАУКИ РОССИЙСКОЙ ФЕДЕРАЦИИ ФЕДЕРАЛЬНОЕ ГОСУДАРСТВЕННОЕ БЮДЖЕТНОЕ ОБРАЗОВАТЕЛЬНОЕ УЧРЕЖДЕНИЕ ВЫСШЕГО ПРОФЕССИОНАЛЬНОГО ОБРАЗОВАНИЯ "ЧЕЧЕНСКИЙ ГОСУДАРСТВЕННЫЙ ПЕДАГОГИЧЕСКИЙ УНИВЕРСИТЕТ" Курсовая работа ПО КУРСУ: ЧЕЧЕНСКИЙ ЯЗЫК Тема: «Причастин а, деепричастин карчамаш.» ФИО преподавателя: Асхабова Лайла Абдурахмановна ФИО студентки: Дзакаева Заира Супьяновна Факультет: Гуманитарный Профиль: "Чеченский язык и литература"ЧЛ-214 г Грозный, 2016 Чулацам Хьалхара дош……………………………………………………………………………………………………3 Причастин юкъара маь1на………………………………………………………………………………5 Лааме а, лаамаза причастеш а, церан легаялар а…………………………………..7 Причастин кхоллаялар………………………………………………………………………………………..9 Причастийн нийсаязъяр………………………………………………………………………………………13 Кхечуьнга йовлу а, ца йовлу а причастеш………………………………………………………..15 Причастица дацаран дакъалгаш ца, за нийсаяздар…………………………………………….17 Причасти ц1ердешнашка а, билгалдешнашка а ерзар……………………………………….19 Причастин хенаш…………………………………………………………………………………………………20 Причастин карчамаш, церан синтаксически г1уллакхаш……………………………………24 Причастин карчамашкахь сацаран хьаьркаш………………………………………………………25 Деепричастин маь1на………………………………………………………………………………………….27 Деепричастин хенаш, церан нийсаязъяр…………………………………………………………….29 Деепричастин карчам. Цуьнан синтаксически г1уллакх а, цуьнца сацаран хьаьркаш а……………………………………………………………………………………………………………30 Дерзор……………………………………………………………………………………………………………………31 Кицанаш…………………………………………………………………………………………………………………32 Пайдаэцна литература…………………………………………………………………………………………33 Хьалхара дош Цигахь со набарна товжош, Цо олу аганан илли Декар, дог хьоьстуш, довха, Сан нохчийн маттара илли. (А.Айдамиров) Нохчийн мотт ширачу меттанех цхьаъ бу. Адамийн дахарехь йоккха меттиг д1алоцу цо. Шен дагахь дерг, шен ойла маттаца йовзуьйту х1ора стага. Дуьненахь дехачу х1ора къомана а шен мотт белла Далла. Шен ненан маттаца кхуьуш ю къоман культура, литература, искусство. Ала деза, къоман уггаре а еза, уггаре а сийлахь хазна ю мотт. Мотт иза къоман са, адамаллин куьзга ду, массочу х1уманан а бух бу. Цуьнца доьзна ду халкъан дерриге а дахар: уьйраш, болх, гергарло, хазахетар, халахетар, сий, яхь, хьекъал, кхетам. Дуьйцийла йоццуш, шен мотт ца хуу стаг даима, юьхь1аьржа хир ву, шен къоман хьалха хилла ца 1аш, кхечу къаьмнашна хьалха а, х1унда аьлча цунна евзар яц къоман синан к1оргенаш, бевзар бац цо луш болчу кхачаман чам. Иштта ца хила, суна хетарехь, йохье а дуьйлуш, 1амо беза вайн дайша, наноша хьост санна, ларбеш, ц1ена латтийна вешан ненан мотт. Вайн халкъах вайна кхане а йолуш халкъ хила лаахь, уггар хьалха нохчийн мотт, олуш ма-хиллара, баьрчче баккха беза вай. Вайга весет санна дека бевзаш болчу нохчийн поэтийн дешнаш. Варийлаш, меттан сий делаш, варийлаш, шайн мотт биц ма белаш, варийлаш, шайн кхерчийн дай хиллаш боху цара вайх х1оранга.Нохчийн яздархочо Берсанов Хожа-Ахьмада яздо: «Мотт, духар, г1иллакхаш- къоман сибат ду. И сибат лардеш верг ийманца ву, иза вуьззина нохчо ву, шен махкана хьакъ волу къонах ву.» Хьайн ненан мотт хаахь , Дозалла ас до хьох, Даггара и безахь, Ас хастам бо хьуна. Цунах ма херлолахь, Доттаг1а, варийлахь, Ненан мотт хьай бацахь, Байлахь вуй хаалахь! Аьлла Саидов Билала нохчийн меттан хьокъехь. Цундела ненан мотт к1орггера 1амор вайн декхар ду. Иштта нохчийн мотт 1аморехь шена йог1у уггаре а коьртачарех меттиг д1алоцуш ю причасти а, деепричасти а. Маттахь причастеш а, деепричастеш а хиларо таро хуьлуьйту даран я хиларан тайп-тайпана аг1онаш билгалъяха, мотт хазбан, дуьйцучуьнан исбаьхьа сурт х1отто, меттан исбаьхьаллин аг1о шоръян. Причастин юкъара маь1на Хандешан а, билгалдешан а билгалонаш шеца йолчу хандешан шатайпачу кепах причасти олу. Причастино, хандашо санна, дар я хилар гойту. Масала: йоьшу книга-йоьшург, йог1у йо1- йог1ург, яздина кехат- яздинарг. Причастехь х1ара тайпа хандешан билгалонаш ю: 1) хандешан а, причастин лексически маь1на а, лард а юкъара ю. Масала, марсабаккха бохучу хандашах кхоллаеллачу причастехь цу хандешан долу лексически маь1на дуьсур ду. Революционни боламо марсабаьккхина мохк. Революционни боламо марсабаьккхина мохк сийсаш бара. 2) хандешан а санна, причастин а хенан категори ю. Масала: туьйра дуьйцу-дуьйцу туьйра; къамел дина- дина къамел. 3) причастеш, хандешнаш а санна, кхечуьнга йовлуш а, ца йовлуш а хуьлу. Масала: локху пондар (локхург)- кхечуьнга йолу причасти; дешна ло( дешнарг)- кхечуьнга ца йолу причасти. 4) терахьашца хийцалуш долчу хандешнех кхоллаелла причастеш а терахьашца хийцало. Масала: 1уьллург- 1охкурш ( 1уьллу къолам- 1охку къоламаш), едда говр- евдда говраш(еддарг-евддарш). 5) хандешнаш санна, цхьайолу причастеш грамматически классашкахь хийцало. Грамматически классехь цара барт бо, шаьш мухалла билгалйоккхуш, шайца уьйр йолчу ц1ердашца. Масала: К1анта доьшу кехат. К1анта йоьшу книга. К1анта боьшу мог1а. 6) хандешнаш санна, причастеш хенашкахь хийцало. Причасти коьртачу кхаа хенахь лела. Масала: локху йиш (локхург), лекхна йиш (лекханарг), локху йолу йиш (локху ерг). Иштта ю причастин хандашца йолу уьйр. 7) причастеш, хандешнаш а санна, дерзоран а, пурбанан-т1едожоран а хуьлу, масала: шелло-шеллург (дерзоран), доьшуьйту-доьшуьйтург (пурбанан-т1едожоран). [Арсаханов И.Г. Х1инцалера нохчийн мотт.2-г1а издани. 2011.-416 аг1о] Причастехь йолу билгалдешан билгалонаш х1орш ю: 1) причастин а, билгалдешан а синтаксически функцеш цхьатерра ю. Билгалдош санна, лаамаза причасти предложенехь къастам хуьлий лела. Бошмашкара схьахезара олхазарша лоькхучу эшарийн г1овг1а. Ткъа лааме причасти подлежащи а, нийса кхачам а, лач кхачам хуьлий лела. Масала: Берах лелларг велла (кица). 2) билгалдашо санна, лаамазчу причастино а х1уманан билгало гойту. Масала: Цкъа охьакхеттачу дитто стом ца белла. 3) билгалдош санна, причасти а лааме, лаамаза а хуьлу. Лаамаза причасти, шеца уьйр йолчу х1уманан ц1еран къастам ша хиларе терра, х1уманан ц1арца лелаш хуьлу. Масала: туху вота, аьхна гота, молу хи. Ткъа лааме причасти, х1уманан ц1арца уьйр йоцуш, ша лела. Масала: тухург, аьхнарг. 4) терахьашца хийцалуш долчу хандешнех кхоллаеллачу причастеша шайца уьйр йолчу ц1ердешнашца терахьехь барт бо. Масала: лаьллина говр- лаьхкина говраш, ведда стаг-бевдда нах. 5) грамматически классашкахь хийцалуш долчу хандешнех кхоллаеллачу причастеша шайца уьйр йолчу ц1ердешнашца грамматически классехь барт бо. Масала: йог1у суьйре, дог1у дог1а, бог1у б1о. 6) причасти, билгалдош а санна, дожаршкахь хийцало: лааме причасти, лааме билгалдош санна, хийцало, ткъа лаамаза причасти, лаамаза а билгалдош санна хийцало. [Тимаев, В.Д, Х1инцалера нохчийн мотт. Лексикологи. Фонетика. Морфологи.2011.- 416 аг1о] Лааме а, лаамаза а причастеш а, церан легаялар а Нохчийн меттан, причастеш лааме а, лаамаза а хуьлу. Ц1ердашца цхьана йолчу причастих лаамаза причасти олу. Масала: дешна ло, долийна г1уллакх. Ц1ердашца а йоцуш, ша лаьттачух лааме причасти олу. Масала: дешнарг, долийнарг, аьлларг. Лаамазчу причастих лааме причасти а хуьлуш, цунна т1екхета цхьаллин терахьехь рг, риг, раг, дукхаллин терахьехь рш, раш. Масала: охку латта- охкург, охкурш, яздийриг- яздийраш. Причастийн легаялар а шина кепара хуьлу. Лааме причастеш, лааме билгалдешнаш санна, легало шина лардаца: I-а лард-ц1ерниг дожаран лард, 2- г1а лард-доланиг дожаран лард. Масала: Ц1.тоьхнарг Дл.тоьхначуьнан Л.тоьхначунна Др.тоьхначо К.тоьхначуьнца М.тоьхначуьнга Х.тоьхначух Дс.тоьхначул Массо а лач дожаршкахь, лааме причастеш легалуш, -чу т1екхета. Ткъа цуьнан (чу) х1оттамехь долу мукъа аз у доланиг а, коьчалниг а, меттигниг а дожаршкахь к1адло-уь. Цул сов, лааме причастеш легалуш, дожарийн флексешна хьалха доланиг а, лург а, коьчалниг а, метигниг а дожаршкахь н х1утту. Лаамаза причастеш дожаршца лаамаза билгалдешнаш санна хийцало: массо а лач дожарехь лаамазчу причастийн – чу чаккху йолуш форма хуьлу, ткъа причастица уьйр йолуш долу ц1ердош, дожарийн флексеш т1е а кхеташ, хийцало. [ Янгульбаев В.А., Махмаев Ж.М. Нохчийн дош.2013.-192 аг1о] Масала: Ц1.дуьйцу къамел Дл.дуьйцучу къамелан Л.дуьйцучу къамелана Др.дуьйцучу къамело К.дуьйцучу къамелаца М.дуьйцучу къамеле Х.дуьйцучу къамелаца Дс.дуьйцучу къамелал Причастин кхоллаялар Карарчу хенан причасти карарчу хенан хандашах кхоллало: горгали бека – бека горгали, бераш ловзу –ловзу бераш. Яханчу хенан причасти яханчу хенан хандашах кхоллало: латта аьхна – аьхна латта, аренаш сенъелла – сенъелла аренаш. Карарчу хенан причастина т1е долу, болу, волу, йолу боху г1оьналлин хандешнаш кхетарца йог1учу хенан причасти кхоллало: доьшу кехат- оьшу долу кехат, оху латта- оху долу латта. Билгалдаккхар.Йог1учу хенан причасти кхоллалуш цкъацкъа карарчу хенан причастин орамера аз хийцало: олу дош- аьн долу дош, болу кхаж- бен болу кхаж. [Эдилов С.Э. практикум чеченского языка. 2011 г.- 304 с.] Д1аязъе предложенеш. Причастешна буха сиз а хьокхуш, уьш муха кхоллало а, цара х1ун гойту а дийца. 1аьс чуьра яжа хьалайог1у ирг1еш леца дагахь боьг1нера Хьажмурда шен дуо. Мацалла даръеллачу чуьркаша вуура, нитташ, къаххаш, диттийн кондарш хьекхалуш дардина дег1 1ийжара. Шен хене а, ницкъе а хьаьжжина, т1едиллина г1уллакх мало йоцуш кхочушдора цо. Цуьнга балур болчу балхана т1ера юхаийзош кхо ца вора иза дас. Шена еана х1уманаш д1а а ехкина, ша ц1ахь дина г1уллакхаш дагардан волавелира Хьажмурд. Причастийн нийсаязъяр. Причастийн карарчу хена орамехь балдийн мукъа аьзнаш о, оь, у, уь, ю,юь хилахь, чаккхенгахь ая у шеконца хезачохь, а ца яздеш, суффикс у язйо, лаамечу формехь –ург язйо. Масала: доьшу кехат- доьшург, дуьйу хабар- дуьйцург. Причастийн карарчу хенан орамехь аь, е, ий я дифтонг иэ хилахь, чаккхенгахьа яздо, ткъа лаамечу формех арг яздо. Масала: лаьтта стаг- лаьттарг, тиэрса говр- тиэрсарг. Причастин карарчу хенан коьрта суффиксаш ю: у. а( вог1у к1ант, лаьтта йо1). Билгалдаккхар.1) Цхьадолчу карарчу хенан хандешнех причастеш хуьлу, церан орамера мукъа аьзнаш о, аь, у(ю) – не доьрзу. Масала: юу( хндош)- юу х1ума, юург(причасти). 2) Цхьана дешдекъах лаьттачу го,ло бохучу карарчу хенан хндешнеххий, уьш шайн чаккхенгахь лаьттачу карарчу хенан чолхечу хандешнеххий причастеш хуьлуш а хийцало церан чаккхенашкара мукъа аз о у-не; ткъа до бохучу хандешан а,иза шайн чаккхенгахь лелачу чолхечу хандешнийн а чаккхенгра мукъа аз о а карарчу хенан лаамазчу причастехь е-ней, лаамечу причстин чаккхенгахь ий-ней доьрзу. Масала: го(хандош)- гун са, гург (причасти), дохдо( хандош)- дохден хи, дохдийриг( причасти). 3) Цхьана дешдекъах лаьттачу причастин чаккхенга н яздо, цунна хьалха орам я дешхьалхе х1оттахь а, ца х1оттахь а, масала: ден г1уллакх- кхочушден г1уллакх. [Чокаев К.З Морфология чеченского языка. Грозный, 1960]. Кхечуьнга йовлу а, ца йовлу а причастеш Хандешнаш а санна, причастеш а хуьлу кхечуьнга йовлуш а, ца йовлуш а. Кхечуьнга йовлу причастеш олу кхечуьнга довлучу хандешнех хиллачарах. Масала: дуьйцу-дуьйцург, дийцина- дийцинарг, дуьйцу ду- дуьйцур дерг. Кхечуьнга ца йолу причастеш олу кхечуьнга ца довлучу хандешнех хиллачарах. Масала: малх схьакхетта- схьакхетарг, малх схьакхетта- схьакхеттарг, малх схьакхетар бу- схьакхета берг [ Мачигов М.Ю.Нохчийн мотт.Лексиклоги, фонетика, морфлоги. Грозный, 1985]. Причастица дацаран дакъалгаш ца, за нийсаяздар Дацаран дакъалг ца лаамазчу причастех къаьстина яздо: дешна кехат- ца дешна кехат, ловзу бераш- ца ловзу бераш. Карарчуй, яханчуй хенашкахь йолчу лаамечу причастешца дацаран дакъалг ца цхьаьна яздо: цааьлларг,цамагинарг, цавеънарг, цаэриг, цагург, цавог1ург. Йог1учу хенахь йолчу лаамечу причастица ца къаьстина яздо: ца аьн дерг, ца гун дерг, ца вог1у верг. Дацараллин маь1нехь йолу суффикс за лаамазчу а, лаамечу а причастешца даима а цхьаьна язйо: ахаза аре, даттаза бепиг, чекхбалаза болх. Билгалдаккхар. Дацараллин маь1нехь йолу суффикс за яханчу хенийн причастийн бен ца хуьлу. Масала: эцаза коч, ешаза книга, лакхаза эшаар, ешазчу книгин. Кхузахь дацаран суффикс –за, -аз т1екхетарг инфинитиван форма ю, ткъа маь1ница яхана хан ю иза: дешаза дийцар – дешна доцу дийцар, эцаза куй – эцна боцу куй. Шайца дацаран дакъалгаш ца цхьаьна долчу причастешна буха сиз хьакха. Хьайга ца доьху дика нахана ма де. Лергашна цахезнарг, б1аьргашна цагинарг ма дийца. Айха ца ден дерг, хьайн ницкъ ца кхочу дерг дийр ду ма баха. Ца вуьсу волчу дархочо буьйса ма йоккхийла. Вон цалалучуьнга дика а лалур дац. Божа сту цабеллачо беттачу аттах ваьккхина. Аьхка хье цакхихкинчун 1ай яй ца кхехка. [ Эжаев У.Эжаева Р. Нохчийн литература 9 класс.Грозный, 2007.] Причасти билгалдешнашка а, ц1ердешнашка а ерзар. Причастеш, шайн маь1ница а, шаьш кхочушдечу синтаксически г1уллакхаца а билгалдешнашна герга хиларе терра, наггахь билгалдешнашка ерза тарло. Билгалдешнашка йирзинчу причастин хенан маь1на дов. Масала: декхна де, дерстина жижиг. Цхьайолу причастеш ц1ердешнашка а ерза тарло. Ц1ердешнашка йирзинчу причстийн а хенан маь1на хила йиш яц. Масала: Юург дег1ан кхача бу, наб син кхача бу. Ц1ердаше йирзинчу причастин легаялар, ц1ердешан саннна хуьлу, ткъа причасти, вай лакхахь билгалдаьккхина махиллара, лач дожаршкахь –чу т1екхеташ легало. Масала: ц1ердош Ц1. Хуттург Дл. хуттурган Л. Хуттургана Др. хуттурго К. хуттургаца М. хуттурге Х. хуттургах Дс. хуттургал причасти Ц1. Хуттург Дл. хуттучуьнан Л. Хуттучунна Др. хуттучо К. хуттучуьнца М. хуттучуьнга Х. хуттучул Дс. Хуттучул Легарехь башхо а хуьлу цхьайолчеран: причастих хиллачу ц1ердешан суффикс у- рг( наггахь а-рг, дожаршца хийцарх, хийца а ца луш, юьсу, ткъа ц1ердаше ца йирзинчу причастин, у я а) бохург бен, кхин суффикс а ца хуьлу, цул сов, рг лаамечу формин чаккхе ю, дожаршкахь хийцалуш а йолуш. Масала: юург, юурган, юургана, и д1.кх а. Причастийн хенаш Нохчийн меттан причастеш коьртачу кха хенехь хийцало: карарчуй, яханчуй, йог1учуй. Масала: лаьтта йо1-лаьттарг ( карара хан), лаьттина йо1-лаьттинарг (яхана хан), лаьтта йолу йо1-лаьтта ерг (йог1у хан). Карарчу хенан ламаза причасти морфологически къаьсташ яц хандешан карарчу хенах. Бакъду, карарчу хенан причастин чаккхенгахь долу мукъа аз манкхалла йолуш ду (назальность). Предложенехь карарчу хенан причасти а, карарчу хенан хандош а синтаксически къаьста. Масала: Олхазарша б1аьстенца эшарш лоькху. Олхазарша б1аьстенца лоькху эшарш дог хьоьстуш яра. Цхьадолу цхьана дешдекъах лаьтташ долу хандешнаш а, царах кхоллаелла причастеш а карарчу хенахь шайн форманашца вовшех къаьсташ хуьлу. Масала: Студенташа гуьйранна совхозашкахь белхаш бо. Студенташа бен белхаш совхозашна пайдехьа бу. Таллархочунна дика го экха. Яханчу хенан причасти хандешан яхана яьллачу хенан лардах кхоллалуш ю. Яханчу хенан лаамаза причасти шен формица яханчу хенан хандашах къаьсташ яц. Масала: Цо дина къамел массо а белхалочун а, ахархочун а дагчуьра схьадолуш санна дара. Нохчийн меттан йог1учу хенан лаамаза причасти шина дашах лаьтташ хуьлу, карарчу хенан причастин лаамазчу формех а, ду (й, в, б) бохочу г1оьнан хандашах кхоллаеллачу карарчу хенан причастин лаамазчу формех а. Масала: ден долу 1енош, буьллу болу мотт. Причастин карчамаш, церан синтаксически г1уллакх Предложенехь причастица нисло иза билгалъеш долу дешнаш. Цаьрца цхьаьна цунах причастин карчам олу. Масала: Йоккха къорза хорбаз, тхан вашас еана йолу, вуно мерза хиллера. Г1алин урамашкахь кест- кеста дуьйлучу герзийн татанаш хезара. Причастин карчам предложенехь къастам хуьлий лела. Д1аязъе предложенеш. Причастин карчамашна буха сиз хьакха. Кхузахь чувеана хьо, къайлах кхуьнга б1аьрг а тоьхна, къайлавелира. Кху готтачу камер чохь д1о тхевна к1ел доьг1на, кхолха аьчкан ч1ораш тоьхна, цхьа коран 1уьрг бен, х1умма а дацара. Г1еметта х1оьттина и воккха стаг, типографехь наштаран чено йовхарийн цамгар тоьхна г1ийла велахь а, лелалуш вара. Йиллина лаьттачу зала чу а бевлла, к1айн шаршу т1етесначу йоккхачу стоьлана гонаха охьахевшира уьш. [Джамалханов З.Д. Нохчийн мотт. Лексикологи, фонетика, морфологи. Грозный, 1985.] Причастийн карчамашкахь сацаран хьаьркаш Ша билгалдечу дешна т1ехьа лаьтташ белахь, причастин карчам шина аг1ор запятойш яхкарца къастабо: 1ожа говр, тхан лулахочо эцна ялийна йолчу, ч1ог1а куьцехь яра. Амма Тхан лулахочо эцна ялийна йолу 1ожа говр ч1ог1а куьцехь яра. Причастин карчамаш билгалбе. Уьш муха кхоллабелла дийца. Аьхка 1иллинарг 1ай идда. Да велхийнарг марах деъна. Заманна дуьхьал ваьлларг замано ваьхьна. Нийсархойх хаьддарг дог доьлхуш лелар ву. Харцонна мотт беттарг мотт хаьдда вуьсийла.( Н.Ф. Кицанаш) Бертаза ядийна, сан йо1 ю цо йигнарг ( илли т1ера). Ловзарга гулбелларш тезета ховшийна, доттаг1чун йишица ша ц1ехьа вахар, бах. [ Эдилов С.Э. Нохчийн меттан практикум 304 с.] Деепричастин маь1на. Кхечу дарца уьйр йолуш дар билгал а доккхуш, хандешан , куцдешан билгалонаш шеца йолчу хандешан форманах деепричасти олу. Масала: Бага а г1еттош, шен бен чохь 1аш яра хьозанан к1орни. 1аш яра- муха?- бага а г1еттош. Ч1ог1а хаза хила доллучу дийнан сирла 1уьйре ц1ийеш, г1аьттира малх. Х1окху предложенехь ц1ийеш деепричасти ю. Цу деепричастийн уьйр ю г1аьттира бохучу кхечу дашца. Коьрта дар г1аьттира бохучу дашо гойту, ткъа ц1ийеш бохучу деепричастино т1етухуш долу дар гойту. Деепричастехь хандешан а, куцдешан а билгалонаш ю. Куцдашо санна, деепричастино сказуеми а кхетош, дар муха, мич кепара, кхочушхуьлу гойту. Деепричасти предложенехь латтам я х1оттаман сказуеми хуьлий лела. Масала: Къайлайолучу машенна т1аьхьа хьоьжуш лаьттара г1ишло. Ткъа хандешан билгалонаш х1орш ю: 1) хандешан а, деепричстии а лексически маь1на цхьаъ ду ( воьду- воьдуш); 2) деепричастии коьрта кхо хан ю: карара ( кхуссуш), яхана (кхоьссина), йог1у (кхуссур йолуш); 3) хандешан а санна, цхьайолчу деепричастийн цхьаллин а, дуккхазаллин а кепаш хуьлу. Масала: тухуш-етташ. 4) Хандош а санна, цхьайолу деепричастеш цхьаллин а, дуккхаллин а терахьийн форманаш йолуш хуьлу. Масала: хьожуш-хьовсуш. 5) Цхьайолу деепричастеш, хандешнаш санна, грамматически классашкахь хийцалуш ю. Масала: дуьгуш-уьгуш-вуьгуш. [Тимаев В.Д.Х1инцалера нохчийн мотт.Лексикологи.Фонетика.морфлоги. 2-г1а издани.416 аг1о]. Деепричастин хенаш, церан нийсаяздар. Нохчийн меттан деепричасти коьртачу кхаа хенахь хийцало; цуьнан х1ора кхо хан ю: карара хан( доьшуш), яхана хан ( дешна), йог1у хан ( доьшур долуш). Карарчу хенан хандашна т1е -ш кхетча цунах карарчу хенан деепричасти хуьлу. Масала: ловзу-ловзуш, хеда- хедаш. Яханчу хенан хандашний, причстиний, деепричастиний юккъехь йозанехь а, аларехь а башхо ца хуьлу, уьш предложенехь дешнийн уьйраца къастайо вовшех. Масала: Аьхна латта цхьа хаза гора. Хандешан йог1учу хенан хин йолчу кепера г1оьналлин хандош деепричастин форме дерзарца кхоллало йог1учу хенан деепричасти. Масала: воьлур ву- воьлур волуш, доьшур ду -доьшур долуш. Деепричстин карчам. Цуьнан синтаксически г1уллакх а, цуьнан сацаран хьаьркаш. Шеца кхеторан дешнаш долчу деепричастех деепричастин карчам олу. Иза предложенехь запятойшца къастабо. Нагахь деепричастин карчам предложенин юьххьехь белахь, цунна т1ехьа запятой юьллу, чаккхенгахь нислахь, карчамна хьалха юьллу. Масала: Корехула ара а хьоьжуш, къамел дора к1анта. Селхана, дарц хьийзош, ч1ог1а шийла яра. Ц1еххьана хьаькхна мох суьйренга бахара, саца а ца соцуш. Предложенехь деепричасти даран-суьртан латтам я х1оттаман сказуемин дакъа хуьлий лела. Масала: Дехха къамел дира цо, (муха?) саца а ца соцуш. Д1аязде . Деепричастийн карчамашна буха сиз хьакха. Деепричастийн хенаш билгалъяха. 1.Нохчий кхачаза мохк бан а буй техьа дуьненахь.1еламстага дешаза дисина к1еззиг бен жайнеш дацара. Хаддаза луьйш вог1ура ши доттаг1. Буьйсанна саццаза деанчу лайн к1аййинера аре. Бертаза дахар оьшуш дац юьртахошна. Машен йоттаза д1ахьажайойла дацара мел ч1ог1а лиъча а. Баккхаза белара соьга ахь и вон кхаъ. Х1ума яанза вита мегар дац х1ара стаг. Ванза велара со х1окху пана- махка. [ Дешериев Ю.Д. Сравнительно-историческая грамматика нахских языков и проблемы происхождения кавказских народов.1963 ]. Дерзор Уггаре хьалха хьехархочо коьрта тидам нохчийн меттан урокехь т1ебахийта беза нохчийн маттахь къамел кхиорна. Хьехархочо дешрхошка шаьш классни уьн т1ехь долчу массалшца жам1 дайта хьажа веза. Гайтаман г1ирс хилча атта хир ду хьехархочунна дешархой кхето. Дешархошка болх бойтуш карточкаш хила еза. Урокан чаккхенехь цхьана 4-5 минотехь, ловзаран кепехь болх бича, дешархойн жигаралла алсам ер ю. Хьехархочо рог1ерчу уроана кечамбеш тайп-тайпана произведенеш т1ера масалшна предложенеш яло еза. Хьехархочо алсам тидам латто беза причастиний , деепричастиний башхаллаш т1ехь, уьш муьлхачу билгалонашца къаьста кхето беза. Причастино, билгалдашо санна, х1уманан билгало а гойту, хандашо санна дар а гойту. Причасти ц1ердашца уьйр йолуш лела. Масала: яздина кехат, ешна книга, олу илли, еъна хьаша. Деепричастино, куцдашо санна, дар муха кхочушхуьлу гойту, хандашо санна дар а гойту. Деепричасти хандашца уьйр йолуш лела. Масала: сих а ца луш вог1у, етталуш ека, соьцуш вахара, дика доьшуш ву, лаьттахь 1охкуш, чехка воьдуш. Хьехархочо дешархой нохчийн г1иллакх-оьздангаллехь кхетош-кхирна т1ехь тидам латто беза. Дахаран хазна ю керланиг довзар, хьекъал кхиор, говзалла 1амор. Кицанаш Б1аьргана гинарг тешаме ду, лергана хезначул. Валарх кхоьруш воцург лийр вац. Вираца лаьттина эса вирах 1аьхна. Воьдуш динарг хьесап дац, вог1уш динарг бен. Бух боцу шелиг хих дузур дац. Д1аг1оьртинчу стеран белкорта йойна, Юхаг1оьртинчу стеран ма1а йойна. Кхийринчун нана йилхина яц. Ла ца дуг1учунна дина хьехар хьакхина хьалхаоьллина ж1овх1ар ду. Т1ам бойна леча ламанца тарлуш дац. Хи долчохь бен хуьлуш дац дахар. Хин йистехь вехачунна хин гечо девза. Цамгар, т1ейог1уш, не1арх йог1у, йоьдуш, механ 1уьргах йоьду. Церг йоцуш борз хир яц. Шен хенахь вижнарг кхаа вонах ваьлла, шен хеннахь г1аьттинарг кхаа диканах кхиъна. Вина мохк мазал мерза бу. Воккхачо аьлларг динарг дохко ца ваьлла. Майра ву алий, кура а ма вала, хьекъал долуш ву алий, сонта а ма вала. Пайдаэцна литература 1.Арсаханов И.Г. Х1инцалера нохчийн мотт. Лексикологи, фонетика, морфологи. Грозный, 1965. 2.Джамалханов З.Д. Нохчийн мотт. Лексикологи, фонетика, морфологи. Грозный, 1985. 3.Тимаев В.Д. Х1инцалера нохчийн мотт. 2011-416 аг1о. 4.Чокаев К.З. Морфология чеченского языка. Грозный, 1960. 5.Чокаев К.З. О глагольном словообразовании в чеченском литературном языке. Языкознание. Грозный, 1961. 6.Эдилов С.Э. Практикум чеченского языка 2011- 304 аг1о. 7.Эжаев У.Нохчийн литература 9 класс. Грозный, 2007. 8.Янгульбаев В.Д. Х1инцалера нохчийн мотт.2011-416 аг1о. ....................... |
Для получения полной версии работы нажмите на кнопку "Узнать цену"
Узнать цену | Каталог работ |
Похожие работы: